Беной сегодня
» » » Кадыров Рамзана декъалбина махкахой нохчийн меттан денца

Кадыров Рамзана декъалбина махкахой нохчийн меттан денца

25 апр 2019, 16:58, Admin
0     26
Нохчийн къам шен "ВКонтакте" аккаунтан аг1он т1ехь декъалдира цо.
"Лараме махкахой! Даггара декъалдо шу Нохчийн меттан денца! Шен ненан мотт цабезачунна, цуьнца ховха юкъаметтиг йоцучунна, иза Iалашбеш воцучунна шен Даймохк безийла дац. Дуьненахь уггаре а хьалдолуш а, хаза а, исбаьхьа а бу нохчийн мотт. Оцу маттехь дерриге а ду – нохчийн къоман башхалла, истори, культура, гIиллакх-оьздангалла, Iадаташ.
Нохчийн Мехкан Хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас дIадолийра ненан мотт кхиоран гIуллакх. Нохчийчоьна уггаре а хала яьхкинчу хенашкахь Ахьмад-Хьаьжас нохчийн мотт бовзийтарехь, кхиорехь, баржорехь, цуьнга марзо кхолларехь къахьоьгуш болчу Iилманчашна а, яздархошна а, журналисташна а гIо-накъосталла дора. Нохчийн мотт вайн халкъан коьрта билгало ю, вайн къоман бух бу. ХIора а нохчичун сийлахь декхар хета суна шен мотт ларбар, Iалашбар, кхиор, шен къоман истори, культура евзаш-езаш хилар", - билгалдаьккхира республикан куьйгалхочо.
Кадыров Рамзана билгалдаьккхира ненан матте безам доьзалехь кхолла безаш бу, тIаккха иза дIабер бац.
"ХIокху дезачу дийнахь вай дIагойту нохчийн матте болу вайн безам, дагалоьцу вайн орамаш, баркалла боху нохчийн маттахь деша а, яздан а Iамийна болчу вайн хьехархошна. Вайн культурин бух бу нохчийн мотт. Цундела вайна тIехь дерг доккха жоьпалла ду. Ненан матте безам доьзалехь кхолла безаш бу, тIаккха иза дIабер бац. Суна товш дац вайн мотт юккъера д1абер бу боху къамелаш. Ла ца балла бала т1ебарах, вайн дайша д1а ца тесна мотт. Вай а бицбийр бац вайн ненан мотт! Лараме махкахой! Кхин цкъа а даггара декъалдо шу Нохчийн меттан денца! Лаьа шу ирсе хуьлийла, шун могашалла, аьтто хуьлийла, ненан матте бокха безам шун хуьлийла!
Ларбелаш нохчийн мотт!", - т1етуьйхира цо.
https://grozny.tv/news.php?id=31713

Кадыров Рамзана декъалбина махкахой нохчийн меттан денца
  • bowtiesmilelaughingblushsmileyrelaxedsmirk
    heart_eyeskissing_heartkissing_closed_eyesflushedrelievedsatisfiedgrin
    winkstuck_out_tongue_winking_eyestuck_out_tongue_closed_eyesgrinningkissingstuck_out_tonguesleeping
    worriedfrowninganguishedopen_mouthgrimacingconfusedhushed
    expressionlessunamusedsweat_smilesweatdisappointed_relievedwearypensive
    disappointedconfoundedfearfulcold_sweatperseverecrysob
    joyastonishedscreamtired_faceangryragetriumph
    sleepyyummasksunglassesdizzy_faceimpsmiling_imp
    neutral_faceno_mouthinnocent
Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив